Кавказан спортхой Рио-де-Жанейрохь

Рио-де-Жанейрерчу «Маракана» стадионехь дуьйладелла 2016-чу шеран Аьхкенан Олимпан ловзарш. 206 пачхьалкхера а, мухIажиршлахь вовшахтоьхна тобанаш а къийсалур ю спортан 28 кепехь. Къилбаседа Кавказера 9 спортхо вахана Рио-де-Жанейро: Абдурашидов Iадлан, Альбиев Исламбек, Биярсланов Артур, Болтукаев Анзор, Картоев Зелимха, Мусаев Мохьмад, Саритов Альберт, Халмурзаев Хьасан, Хаджиев Зелимха. Царех исоллгIаниг, 22 шо долу Хаджиев Зеламха, Францин цIарх къовсалуш ву охьатохарехь.