Оьрсийчоьнан паралимпахойн куьйгалхо оьгIазвахана

Оьрсийчоьнан Паралимпанкомитетан куьйгалхочо Лукин Владимира дIахьедина, доппингаш лелорна бехкейинчу шен пачхьалкхера спортхой-зIаьIапхой Рио-де-Жанейро ловза цабитар адамийн бакъонаш луьра талхо ду, аьлла.

Оршоьтадийнахь пресс-конференцехь цо элира, ша дареш дало кийча ву доппингийн скандална ша жоп луш болу атлеташ герга а бац бохучух, шаьш антидопинган хьелаш дерраш а латтадо.

Кху беттан 7-чу дийнера 18-чу дийне кхаччалц хуьлучу паралимпан къовсадаларшка Оьрсийчуьра спортхой ца бита сацамбина, аьлла, кIирандийнахь дIахьедира дуьненаюкъарчу заьIапхойн олимпиадан президента Крэйвен Филипа. Iедалан гIоьнца спортхошна допингаш латтийначу пачхьалкхо дакъалоцийла дац Паралимпиадехь, элира Крэйвена.