Кремлца юкъаметтиг цIеначу меттера йоло лаьа ЭрдогIанна

Туркойчоьнан президента ЭрдогIан Реджепа дIахьедина, шен мохк Оьрсийчоьнца «вуно башхачу юкъаметтигийн муьре» болу, шина мехкан юкъарлонаша регионан пробемаш кхочуш а ян некъ а боккхур бу, аьлла. Президентца Путинца цхьаьнакхетале шинарийдийнахь Петарбухахь дира цо и къамел. Стохка гурахь Оьрсийчоьнан тIеман кема туркоша дохорца юкъаметтигаш йоьхчхьана вовшашна гина вацара ши куьйгалхо.

Кремло йохк-эцарна кхайкхийначу санкцеша 87 процентна лахдина Оьрсийчуьра дIалелачу туристийн терахь. Путинца цхьаьнакхетале элира ЭрдогIана, шена Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш цIеначу меттера юхайоло лаьа, массех секторехь юкъарлонаш а даржош. «И гергарлонаш хир ду тIеман, экономикан, синбахамаллин агIонашкахь», - аьлла туркойн президенто ТАСС агенталле. Малхбузенца Хонкаран юкъаметтигаш мелла а шелъеллачу юкъанна ду Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а лидерийн цхьанакхетар.

230 стаг а вуьйш, шайн махкахь карчам кечбарна бехкевен стаг дIавоьху туркоша Iамеркан Штаташка, ткъа Вашингтоно далаза ду жоп хIинца а.