Клишина Дарья цIахьажийна олимпиадера

Дуьненаюкъарчу яйн атлетикан ассоциацино оьрсийн гена кхоссаялархочунна Клишина Дарьина дихкина олимпиадехь кхидIа дакъалаца. Антидопинган ассоциацин куьйгалхочо Макларен Ричарда чуеллачу информацина тIе а тевжаш бина и сацам. Клишина Оьрсийчуьра еккъа ша цхьаъ бен яцара оцу кеперчу къовсадаларшка йитинарг.

Спортан арбитражан кхело Клишинах йолу шен вердикт оршоьтадийнахь тIеоьцур ю, олимпиадерчу пресс-гIоьнчалло бахарехь.

Цкъачунна мидалш яьхначу 65 мехкан спортхошлахь 6-чу меттехь бу Оьрсийчоьнан спортхой - 6 дешин мидал. Массарел хьалха ю Iамеркан Штатийн спортан тоба – 24 дешин мидал. ШолгIа йогIу Китай – I3 дешин мидал. КхоалгIа меттехь Британи ю, цо I0 дешин мидал яьккхина.