Туркойчоьнан прокуратурано таIзар кхайкхийна Гюленна

Туркойчоьнан прокуратурано доьху оппозиционерна Гюлен ФетхуллахIана велла дIаваллац набахтехь латто шалха хан тохар а, иштта, административан гIудан кепехь 2 миллион 210 де набахтехь такха а кхачор. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь веха Гюлен 1999 –чу шарахь дуьйнна.

Анкарас дIахьедо, Гюлена а, и коьртехь волчу цуьнан террорхойн юкъаралло а пачхьалкхехь карчам бан гIортаро бахначу беттан 15-чу дийнахь 246 стаг вийна Туркойчохь, 2 эзарна чевнаш йина.