Ганнушкина Светланас къамеле воьху Кадыров

Яблоко партех Думерчу харжамашкахь кандидат йолчу «Юкъараллин накъосталла» («Гражданское содействие») комитетан лидеро Ганнушкина Светланас шен лаам бу харжамийн дебаташкахь Кадыров Рамзанца Нохчийчуьра политикан-юкъараллин хьал дийцаре дан, аьлла прессехь. Еарийдийнахь Москох «Яблокон» пресс-конференцехь а тIечIагбина Ганнушкинас шен лаам. 7 хаттар ду цуьнан Кадыровца дийцаредан лерина, царалахь ду махкарчу низамхойн а, кхелийн а балхаца, Немцов Борис верца, махкахь репрессеш латтарца, бакъоларъярхошца, нах Европе идарца доьзна хеттарш а.