Стенна дуьйцу Медведевс доцург?

Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс бахарехь, хIора а Оьрсийчуьрчу доьзалан ю цхьацца машен. «Россия» телеканалан «Шоьтан Хаамаш» («Вести в субботу») программехь элира цо иза.

Медведев харцвеш «Дождь» телеканало дагадаийтина шен хьажархошна, РИА Новости агенталлан эксперташа итт де хьалха дина зераш. Цаьрца а догIуш, Оьрсийчуьрчу хIора пхьоьалгIачу доьзалан бен яц муьлхха цхьа йораха машен эца таро. Юккъера мах болчу машенех дерг аьлча, бIе доьзалх ялханнан бен дац иза эццал ахча.