Пекин, Москох тIеман Iамораш дIахьош ю

Къилба-Китайн хIорда тIехь юкъара тIеман Iамораш долийна Оьрсийчоьной, Китайной. Ткъа царна хаьржинарг ю Пекинца лулахоша къуьйсу меттиг. Китайн хIордан эскарийн векало Лян Яна прессина хаамбина, бархI денна лерина «Юкъарло-20I6» цIе йолчу Iаморашна хIоттийна тIеман васт ду, гIайреш «тIелетта дIаяхар а, карахь латтор а».

Барамашкахь дакъалоцуш ду хIорда тIехула а, бухахула а лела хинкеманаш, гIагIадиллина техника а, хIаваан кеманаш а, хIордан эскарш а. Лян Яна дийцарехь, Iалашо ю шина пачхьалкхан тIеман стратеги кхион а, гергарлонаш чIагIдан а.

Къилба-Китайн хIордачуьра гIайреш шен ю аьлла Пекино дIакхайкхорца а, хIорда тIехь тIеман базанаш хIитторца а доьзна гIоьртина лаьтта Китайца юкъаметтигаш регионерчу пачхьалкхийн. Цуьнца доьзна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа масситтаза хьийсийна кху шерашкахь оцу хIордачу дуьненаюкъара хиннекъаш диллина дисийтархьама церан хадан шен тIеман кеманаш.