Оьрсийчура хакерш совцор дехна Баха церан "куьйгалхошка"

Дуьненаюкъарчу олимпин комитетан куьйгалхо Бах Томас, 2016

Дуьненаюкъарчу олимпин комитетан куьйгалхочо Бах Томаса ПIераскан дийнахь кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка тайп-тайпана пачхьалкхашкарчу спортменаш цамагийна молханаш лелийна хиларх лаьцна хаамаш баржош болу хакерш совцабе аьлла. Цунах лаьцна хаам бина Associated Press агенталло.

Баха дийцарехь, Олимпин комитет гIо дан дагахь ю Дерригдуьненан антидопинган агенталлана (WADA) Оьрсийчоьнан Iедалшца хакерш тIелетарца йоьзна проблема дIайоккхуш. Антидопинган агенталло дIахьедар дина шен базера информаци хакерша зорбане яккхар бекхам бу 2014-чу шарахь Оьрсийчохь Олимпиада йолуш, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаш гIо а деш, цу махкарчу спортсменаш допинг лелийна хилар гучудаккхарна.

Fancy Bears шех олучу хакерийн тобано интернетехь зорбанедаьхна цхьамоггIа документаш. Царца а догIуш, антидопинган агенталло бакъо елла хилла цхьаболчу травмаш хиллачу спортсменашна дарба деш дихкина долчу молханех пайда эца. Iамеркин къайлахчу сервисийн белхахошна хетарехь, и хакерийн тоба ю Оьрсийчоьнан Iедалшца уьйр йолуш. Кремло иза бакъдац боху.