Нохчийн лаьмнаш долаоьцур ду дивизино

Нохчийчохь гвардин 42-гIа гIагIадиллинчу техникан дивизи юхакхолла дагахь ю Оьрсийчоьнан тIеман министралла, хаамбина «Известия» газетано. 2009-чу шарахь Нохчийчохь и уггаре дика тIом беш йолу м дивизи дIаса а яьккхина, цуьнан метта шаьш къаьстина дакъош кхоьллинарг вара министр Сердюков Анатолий, боху газетано. ХIинца уьш вовшах а тоьхна, Оьрсийчоьнан доза лардеш лаьттор ду дивизин кепехь тIедогIучу шарахь дуьйна, хаамбина тIеман министралло.