ГIажарошкара мехкадаьтта эца дагахь ву Лукашенко

Беларуси -- Лукашенко Александр, 11Гезг2016

Мехкадаьтта эцар хьокъехь ГIажарийчоьнца дийцарш дIахьош ду шаьш аьлла хаам бина Беларусин президенто Лукашенко Александра. ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь Минскехь парламентан сессехь вистхуьлуш цо элира, Москохара газ а, мехкадаьтта а эцар хьокъехь цакхетамаш болун дела ГIажарийчоьнца дийцарш долийна шаьш аьлла.

Лукашенкос дийцарехь, гIажарой шайн мехкадаьтта дохка меттигаш лоьхуш бу, цундела уьш реза бу иза Беларусина тIера мах дIа а баьккхина дохка.

Кху тIаьхьарчу масийтта баттахь Беларусин аьтто ца болу мехкадаьттан мах хьокъехь Оьрсийчоьнца барт бан. И бахьана долуш Лукашенкос дIахьедар дина шаьш иза эца кийча ду лулахошкара, шайна юкъахь Евробарт а, Iамеркин Цхьаьнатоьхна Штаташ а йолуш аьлла.