Путин Париже ваха кечамаш беш ву

Кху беттан 19-чу дийнахь Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран Францин президентца Олланд Франсуаца Парижехь дIадахьа леринчу цхьанакхетарна кечамаш беш ю Кремл. Путинан пресс-секретара Песков Дмитрийс журналисташка бина и хаам.

Хьалхо дIахьедора, Парижехь хиндолчу цхьанакхетарехь дийца лерина Шемара а, Украинера а хьелаш аьлла. Францин президентана хетарехь, Алеппона тIеетта бомбанаш «тIеман зуламаш» санна кхето деза.

Францхойн Le Figaro газетано дахначу кIиранах яздора, Путина ша дехар дина вогIуш ву Париже аьлла.