80 бехктакхаме гIуллакх айдина Нохчийчохь

Соьлж-ГIалин кIоштан кхело бехктакхаме гIуллакх айдина Дудаев Шамсудина дуьхьал, цо Шемарчу «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобан могIаршкахь тIемаш барца.

Талламчийн хаамашца, эхашарахь гергга Шемахь а хилла, цул тIаьхьа Нохчийчу юхавеана хилла Дудаев. Кхелан белхахоша дийцарехь, 15 шо хан йогIу бехкевечунна.

Талламан комитетан зерашца, доьдучу шеран хьалхарчу 6 баттахь 80 бехктакхаме гIуллакх дуьхьалдаьккхина махкарчу бахархошна, Шемарчу тIамехь дакъалацар шеконе а оьцуш.