Шемара Дабик гIала схьаяьккхина оппозицино

Туркойчоьно гIоьналла латточу Шемин оппозицино кIирандийнахь схьаяьккхина «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобано шайгахь латтош хилла пачхьалкхан Къилбаседа агIонера Дабик гIала. Рейтерс агенталло бина и хаам, Шемахь адамийн бакъонашна тIехь терго яран цхьаьнакхетараллина тIе а тевжаш.