Талламан комитето луьстур ду журналистана дина тIелатар

«Новая газетехь» болх бечу Латынина Юлияна дина тIелатар, цо бечу балхаца доьзна хилла, Талламан комитето луьстур ду и гIуллакх аьлла, хаамбина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Кху шеран аьхка «Эхо Москвы» радиона гена доццуш динера журналистана тIелатар.

Фекалий тIеIанийнера цунна муьлш бу цахуучу наха.