Кадыров Ислам - вице- премьер

Министрийн кабинетан кхеташонехь Кадыров Рамзана хаамбина шен администрацин куьйгалхо хилла Кадыров Ислам ницкъаллин структурашца зIенаш латторехь вице-премьер хIотторах.

ГIадужу-беттан 27-чу дийнахь Кадыровс дIахьедира керла дарж юкъадоккхуш хиларх.