Бусалба нах лецна Москох а, Петарбухахь а

Оьрсийчоьнан низамхоша даржийна, шаьш террор кечъеш хиларна I0 стаг лаьцна Москох а, Петарбухахь а шоьтадийнахь, аьлла. Лецнарш, къайлахчу сервисо (ФСБ) бахарехь, Юккъерчу Азера схьабевлла нах бу. ГIиргIазойчоьнан а, Таджикистанан а сервисаша гIо а деш, лецна боху уьш, ткъа церан хIусамашкахь карийна герз а, зIенан гIирс а, эккха кечйина коьчалш а. Хьукматхоша дийцарехь, «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанашца уьйрехь хилла лецнарш.