Шен хьалхара интервью елла Трамп Доналда

Трамп Доналд.

Iамеркин хаьржина волчу президенто Трамп Доналда шен хьалхара интервью елла харжамаш чекхбаьллачул тIаьхьа. Хаттарш луш яра Си-би-эс телеканалехь "60 минот» программа дIахьош йолу Шталь Лесли.

Коьрта шен тидам тIебахийтинарш хир ду миграцин низамца а, могашалла ларъярца а, ял яккхарца а доьзна хаттарш элира Трампа. Цо дош делира ша оьшург дийр ду аьлла, Iамеркин а, Мексикан а дозанехь пен байта. Делахь а цхьацца меттигашкахь керт а йина дита а мегар ду элира Трампа.

ХIиллари Клинтонца доьзначу хаттарехь а мелла а кIеда вист хилира Трамп, иза чуйолла гIертачул а карарчу хенахь йолу политикан проблемаш дIаяха хожур ву ша аьлла.

Си-би-эс телеканалана интервью луш Трампа иштта элира, тIейогIучу хенахь «оьзда лелар гойтур ду ша", амма шен лелар дозуш хир ду хIоьттинчу хьолах аьлла.

-Наггахь къеда хила мегар доцуш хьал а нисло, - элира Трампа.