«Роснано» компанехь талламаш болийна низамашлардочу органаша

Пачхьалкхан «Роснано» компанин зорбанан сервисо бинчу хаамца, талламаш бар доьзна ду Ярослав кIоштахь йолчу молханаш дечу "НТ-Фарма" комплексан менеджеран белхаца. И проект кхьоьллина «Роснано» компанино, амма иза яр дукха дахделла хилла.

Менеджеран цIе йоккхуш яц.

Низамашлардочу органаша комментари ца йина шаьш бечу талламана.