Iамеркара инструкторш лоьху Кадыровс

Спецназ кечъярехь Гуьмсехь кхуллучу дуьненаюкъарчу дешаран центре болх бан долара Iамеркара инструкторш кхайкха Iалашо ю Нохчийчуьрчу Iедалан. «Интерфакс» агенталле хаамбина Кадыров Рамзана оцу хьокъехь.

Цо бахарехь, хIинцале а иттех Iамеркхойн интсрукторшкара кехат-лаам кхаьчна цуьнга. «Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь боккъал а зеделларг долуш, Латинан Iамеркехь, Азехь, Африкехь леринчу операцешкахь дика гайтамаш болуш нах бу» аьлла, билгалдаьккхина Кадыров Рамзана.