Оьрсийчу вогIучу мехкавоцчун пIелган таммагIанаш дита дезар ду

2017-чу шарахь дуьйнна кхечу пачхьалкхийн бахархой оьрсийн пачхьалкха чубогIуш декхаре хир бу, шайн пIелгийн таммагIанаш дита аьлла, дIахьедина Оьсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь.

ТАСС агенталло Iораяьккхина и информаци, чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовса Горовой Александра къамел динчул тIаьхьа. Цкъачунна билггал хууш дац, муха хир бу оцу гIуллакхан барам.

Карарчу хенахь дактилоскопия олу кеп латтайо ханна Оьрсийчоьне тховкIело йоьхучу мигранташца.