Оьрсийн паспорт делла Сигал Стивенна

Оьрсийчоьнан вахархочун паспорт делла пачхьалкхан президенто Путин Владимира гоьваьллачу Голливудан актерна Сигал Стивенна. «Хьо декъал во ас, хIокху бахьаница вайн пачхьалкхийн юкъаметтигаш толур хиларе дог а дохуш», аьлла Путина. Мосийтазза хилира Сигал Нохчийчохь а.

2013-чу шарахь, Соьлж-ГIалин 195 шо кхачаран барамехь дакъалецира Сигал Стивена.