"Кремло Нохчийчохь санна, тхан тIом бойла дац Донбассехь"

Оьрсийчоьно Нохчийчохь санна къиза тIом бойла а, адамаш хьийзадойла а дац Украинан Донбассехь, цо иза я дийр а дац, дIахьедина Киевехь мехкан эскарийн инарла штабан буьйранчас Муженко Виктора, хаамбо «Укринформ» агенталло. «Оьрсийчуьра баьхкинчу оккупанташна дуьхьаллаьтта тхо тхайн лаьтта тIехь, амма Оьрсийчоьно Нохчийчохь гайтина, я Шемахь тахана лелаен къизалла тхоьгара йолийла дац, оха бийр бац тхайн халкъаца тIом», - аьлла Муженкос.