Онкологин центр кхуллур ю Нохчийчохь

Кхузаманахьлера гIирс хIоттор бу Соьлж-ГIаларчу онкологин центрехь.

Керла онкологин центр кхуллур ю Нохчийчохь. Иза ян йолор ю тIедогIучу 2017-чу шарахь. Цунах лаьцна хаам бина могашалла Iалашъяран министро Сулейманов Элхана. Цо дийцарехь, онкологин центр кхолла оьшур ду диъ миллиард гергга сом.