11 миллион сом лачкъийна Нохчийчуьрчу дарбан цIийнехь

Оьрсийчоьнан инарла прокуратуран сайто хаамбо, Нохчийчуьрчу республикан клиникан дарбан цIийнан даржхоша шайн цхьаболчу белхахошна, уьш цомгуш хилларх моттаргIане кехаташ а хIиттош, 11 миллион сом лачкъорах лаьцна.

Кхушара дина, боху талламчаша, и зуламаш – Iорадаьлла, могуш боллушехь, цомгуш хиллачуха белхахошна ахча тIеяздарал совнаха, догIуш доцу алапаш а хIиттош хиллийла.

Къоланашна дуьхьал бехктакхаман дов айдина, иза шен тергоне а эцна инарла прокуратурано, боху сайто.