Дадийна кема Малтехь охьадоссийна

Ливин авиакомпанин А320 дадийна кема охьадосина Мальтерчу аэропортехь. Reuters агенталлин хаамашца, кема оьккхуьйтур ду бохуш, кхерамаш бу зуламхоша туьйсуш. Кема дадорах информаци бакъйо Мальтан премьер-министро Мускат Джозефа а.

Цо бахарехь, кеманчохь берш кIелхьарбахархьама полици лерина операци дIаяхьа кечамаш беш ю. Болчу хаамашца, 118 стаг ву кеманчохь.

Шайн Iалашонаш а, лаамаш а цкъачунна бовзийтаза бу кема дадийначара.