Даудов Мохьмаде жоп доьху Шведовс

«Кавказский узел» агенталлан коьртачу редакторо Шведов Григорийс Оьрсийчоьнан Талламан комитете дахьийта арз ду кечдеш, Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада шена кхерамаш тийсарх. «Коммерсант» газетане бина и хаам Шведовс. Коьртачу редакторо бахарехь, «Инстаграмехь» Даудовс шен пенатIехь яздина «Шведовн кхетаман ши кIомсар схьаяккха еза, тоъалчу барамашкахь мотт а бацбеш» бохург цунна тесна кхерам бу, мостагIалла кхайкхорца.

Президентан цIарах Оьрсийчохь адамийн бакъонийн тергоечу кхеташоно гергарчу хенахь дийцаредийр ду Шведов Григорийна кхерамаш тийсар.