Кадыровна неIалт кхайкхийна оьрсаша

Нохч-ГIалгIайчоьнан автономи юхаметтахIоттийна 60 шо кхачарна леринчу барамехь, 1944-чу шарахь нохчийн къам махках даккхарна мехкан куьйгалхочо куьйгбехкечу Сталинна неIалт кхайкхийначул тIаьхьа, социалан машанашкахь оьрсийн бахархоша оьгIазе комментареш йина Кадыров емалвеш, цхьаболучара неIалт юха а кхайкхош.

«Кадыров, хьуна хуьлийла неIалт! Ма хьеве Сталин!» бохуш, яздо Интернетехь.

Оьрсаша бехке дуьллу Кадыровна, цунна истори евзаш цахилар а.

«И ма вицвала волавелла. Истори йицъелла цунна я йовза а ца евза», бохуш йозанаш дитина социалан машанехь.