Трамп Доналд цхьаьнакхета лерина ву Мэй Тересица

Мэй Тереса а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Британин а байракхаш

Британин премьер министра Мэй Тереса кIирандийнахь дIехьедина маьрша йохка-эцар а, НАТО-н тIеман алльянсан мехалла хилар а дийцаредан дагахь ю ша Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентца Трамп Доналдца, аьлла дIахьедира. Ала догIу, иза дуьхьара кхечу пачхьалкхан куьйгалхо хир ю Вашингтонехь Iамеркан Трампца цхьаьнакхетар йолчех.

Вашингтоно пIераскан дийнахь Мэй Трампца цхьаьнакхета кхайкхина хиларо британхошна гойту Трампс дозалладина Цхьаьнатоьхначу Штаташна а, Британина юкъахь йолчу “шатайпа юкъаметтигашна” хам бар.