Стохка 156 мигрант араваьккхина Нохчийчура

Нохчийчура арабохуш бу мигранташ.

Стохка бако йоцу 156 мигрант араваьккхина Нохчийчура. Царна юкъахь бу Индера а, Пакистанера а цхьаьна нах. Цунах лаьцна хаам бина нохчийн миграцин сервисо.

Цу хеннахь республикера Iедалан векалша дийцарехь, 2017-чу шарахь Нохчийчохь болх бан бакъо лур йолуш ю 1500 белхан мигрантана.