Донбассехь - тIемаш

Донбассехь дийнахь-буса велла Украинан 5 эскархо, 13-нна чевнаш йина. Сепаратисташа 56-зза герзаш диттина Iедалан дакъошна тIе, хаамбина Киево. Президентан Порошенкон агIоно бахарехь, «Град» а, минометаш а, гранаташ кхуьйсу герз а ду сепаратисташкахь. Авдеевка гIалина гонах лаьтта тIемаш. КIирандийIнахь цигахь вийна 3 украинахо. Донбассхойн агIор велла 9, лазийна 24 хаамбина операцин штабо. АгIонаша вовшашна тIетоьтту тIемаш болор.