«Генарчу Малхбалера гектар» схьаэца йиш ю муьлххачу а вахархочун

Оьрсийчоьнан муьлххачу а вахархочун гектар латта шена къасто йиш ю Генарчу Малхбалехь – оцу низаман кхоалгIа мур схьабиллина Iедало Чиллан-беттан 1-чу дийнахь.

Бажа кхаба а, хьун хьакха а, тIехь цIа хIотто а бакъо ло долахошна, хаамбина Генара Малхбале кхиоран министра Галушка Александра ТАСС агенталлехула.

«Генарчу Малхбалера гектар» долаяьккхинчун таро хир ю шарахь банко 8 процент сайоккху кредит эца. Пхеа шерачохь тIерадаккха дезар ду вахархочун ша эцна кредит.