ДАIИШ-ан видео яржорна - гIуда

ДАIИШ- тобано яьккхина видео шен социалан машанан агIонтIе хIотторна администрративан бехк тIебаьхьина Нохчийчохь Ахмадов Iайшатна. Прокуратурано хаамбина, «Вконтакте»толлуш шена ДАIИШ-ан васташ карийна оцу яхархочун агIонтIехь, аьлла. 2000 соьме кхаччалц гIуда тоха тарло Ахмадована Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш.