16 инарла даржашкара вохийна Путина

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира даржашкара ваькхина 16 полицин, орцанан министраллан, Талламан комитетан инарла. Омра доьшийла ду низамийн официалерчу порталехь.

Балхах мукъабаьхначаралахь ву Ярослав мехкан прокурор, Ханты-Манси мехкан талламан комитетан куьйгалхо, кхиболу буьйранчаш. Иштта хIоттийна аннекси йинчу ГIирмехь прокурор а. Хийцамаш баран бахьана довзуьйтуш дац.