Турпалхочун Нурадиловн "цIехьаверзар"

Советан Цхьанакхетараллан Турпалан Нурадилов Хампашин тIеман совгIаташ дIакхачийна Москохара Нохчийчу. Соьлж-ГIалахь кхобур ду хIинцачул тIаьхьа турпалхочун совгIаташ: Турпалан «Дашо Седа», Ленинан, ЦIечу Седанан орденаш. 1942 шаран гурахь, ша лечу кхаччалц тIом беш, цо вийна ларало эзар гергга фашист. Турпалан цIе елла Нурадиловна иза кхелхина ахшо даьлча.