Porter эсминец - Iаьржа ХIордачохь

Iамеркан Porter эсминец кхаьчна Iаьржачу ХIордан хишка, хаамбина Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман-хIордан ницкъийн 6-чу декъан пресс-гIоьнчалло.

«ХIордан кхерамзалла а ларъеш, накъосталлехь болчу мехкашца цхьана тIеман ницкъаш боза Iалашо йолуш дIахьочу «ХIордан Турс-2017» Iаморашка дакъалаца деана эскинец, боху дIахьедарехь.

«Регионехь кхерамзалла латто тхайн лаам бу оха дIагойтург», аьлла хIордачу Porter-кема даларх лаьцна эсминцан буьйранчас Слоу Эндриас.

«ХIордан Турс-2017» Iаморашкахь дакъалоцур ду Румынин, Болгарин, Желтойчоьнан, Туркойчоьнан, Цхьаьнатоьхначу Штатийн, Канадин, Испанин, Украинан 2800 эскархочо. Шайн тIеман урхаллана «дерриг го, доллучун тергойо» аьлла Оьрсийчоьнан тIеман министро Шойгу Сергейс.