Нохчийчохь коммуналан декхарш юха а гулделла

Коммуналан декхарш бахархошкара схьалехьо Iалашонца Нохчийчохь юха а карлаяьхна энергетикийн рейдаш. Ягочу тоькан барам билгалбоккху гIирс хIоттийна боцучу хIусамашкахь, мах шозза лаккхара боккхуш хиларца аьрзанш дина «Кавказан узел» агенталле меттигерчу бахархоша.

«ХIун бахьана ду тариф иштта лакхаяларан?» аьллачу журналистан хаттарна жоп ца делла «Чеченэнерго» компанин векалша.

Iедалан хаамашца, карарчу хенахь тоьках бахархоша схьадала деза ахча 800 миллион сом ду.