Кхин цхьа миллиард дала тарло Нохчийчоьнна

Латта такхар ЦIе Веданахь, 2016

Республикехь латта такха кхерам болчу меттигашкара нах кхечу метта дIатарбан 1 миллиард сом дала тарло федералан Iедало Нохчийчоьнна 2017-чу шарахь. Цу тIе бахийтина болх жигарбаккха лерина ду меттигера урхалла. Нохчийчуьрчу Iедало чIагIдарехь, махкахь латта такха кхерам болчохь веха 25,6 эзар стаг. Ала догIу, цу программан Iалашонна 2015-чу шарахь федералан бюджетера Республикана дIакхачийнера 2 миллиард сом.