Навальныс харжамийн туьпаш йоьллур яц Нохчийчохь а, ГIирмахь а

Russia -- Aleksei Navalny

Оппозицин векало Навальный Алексейс Новосибирскехь журналисташка дIахьедира шен президентан кампани хIора Оьрсийчоьнан субъектахь дIаяхьа Iалашонехь ву аьлла. Цу юкъана, цо тIетуьхира ГIирмахь а, Соьлжа-ГIалахь а ша туьпаш тухур яц аьлла. Цо бахарехь, цуьнан туьпан декъашхошна “боккха полисхойн тIеIаткъам” бан тарло цигахь. ГIирмера бахархошкара шортта дехарш кхочу шега элира, шайн махкахь а туп кхолла бохуш.