Оьрсийчоь бехке ю Черногорин премьер-министр вен гIорторна

Джуканович Мило, Черногорин премьер-министр

Сийлахь Йоккхачу Британин цIе евзийта ца луучу даржхочо чIагIдо, Монтонегрон (Черногорин) премьер министр Джуканович Мило вен гIорторна Оьрсийн къайлаха сервисаш куьйгбехке хилар. И хаам зорбане баьккхина The Telegraph газетано. Премьмер министр, вен а вийна, Iедал карчо Iалашо яра церан. И мохк НАТО-н юкъа ца бахийта яьккхина гIулч яра и, бохуш дIахьедо хаамийн гIирсаша.