Путин: Шемахь тIемалошна юкъахь ву виъ эзар Оьрсийчура а, 5 эзар СНГ-н пачхьалкхашкара герзхо

Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, Чилл. 23, 2017

Шемахь тIемалошна юкъахь Асад Башарана дуьхьал тIом беш ву виъ эзар Оьрсийчура а, пхи эзар СНГ пачхьалкхашкара а махкахо.

Цунах лаьцна еарин дийнахь дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, Къилбаседера флотан эпсаршца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Путина дийцарехь, цу тайпа терахь даладо Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша.