Iамеркан зарратан ницкъ алсамбаккха дагахь ву президент Трамп

Iамерка - Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналд шен офисехь интервью луш ву Reuters агенталлана.

Iамеркан президент Трамп Доналд алсамбаккха дагахь ву Цхьаьнатохначу Штатийн зарратан ницкъ. Цунна хетарехь, Iамерка тIаьхьаюьсуш ю цу агIор.

Iамеркан лидеро дийцарехь, Оьрсийчоьно, дуьненаюкъара барт а бохош, дIахIиттош ю керла тIемаш долу ракеташ.