ДАIИШ-ера цIавеъначу нохчочунна хан тоьхна Австрехь

Австрерчу Фельдкирх гIаларчу кхело 2,5 шо набахтин хан тоьхна меттигерчу нохчочунна, Salzburg24 газето хаам барехь. 25 шо долу иза бехкевина Шемахь Асадна дуьхьал ДАIИШ-ан могIаршкахь тIом барна. Кхело бахарехь, 2013 шеран гурахь вахана нохчо Шема тIаме, цигара Австре юхавеана ахшо даьлча.