Трампан, Путинан цхьаьнакхетар кечдеш ду бохург бакъдац

Вашингтон, Москох яц Трампан, Путинан цхьанакхетар кечдеш, хаамбо Wall Street Journal-о, Iамеркан Штатийн администрацерчу хьостанна тIе а тевжаш. Оцу хьостано бакъ ца до Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран гIовса Рябков Сергейс, Пачхьалкхан Думехь оцу хьокъехь къамелдеш, шина президентан цхьаьнакхетар кечдан долийна аьлла даржийнарг.

Оьрсийчоьнан лаккхарчу куьйгалхоша дуккхаза а дина ши куьйгалхо цхьаьнакхета кийча ву боху дIахьедар.