Соьлж-ГIалахь шена тIелеттарш кхеле озор доьхуш, борхIазлагIа а Нохчийчу арз дахьийта дагахь ву ша, яздина «ТаIзарна дуьхьалояран комитетан» куьйгалхочо Каляпин Игора Фейсбукехь.
ХIоразза а Каляпина доьху бехк-такхаман дов айдеш боцу полисхой а жоьпе озор. Хьалхо талламчаша бехктакхаман дов гIатто бина сацам, мехкан прокуратурано юха а баьккхина, талламаш кIаргбан юхахьажийра.
Стохка бIаьста «Грозный-Сити» хьешацIенна хьалха дира Каляпин Игорна тIелатар. Сийсазвеш, диттира хIоаш, дама, тIеIанийра басар.
Каляпина бечу хаамца, талламаш дIахьочу Нохчийчуьрчу низамхоша дуккха а тоьшаллаш дитина тергамза.