Къилбаседа Кореяна тIеман тохар дан тарло

Къилбаседа Кореяна тIеман тохар дан я ницкъаша цигара Iедал хийца тарло Вашингтоно, яздо The Wall Street Journal-о. Оцу хааман цIе яккхаза юьтучо хьостано бахарехь, Пхеньянна тIеман ницкъаш дуьхьалбаьхча хIотта мега сценарий йийцарейина Вашингтоно шеца доттагIаллехь болчу мехкийн векалшца цхьаьна.

Чиллан-бетта юккъехь Японийн премьер-министр Синдзо Абэ веара Iамеркан Штаташка. И визит йоьдуш Трамп Доналдан администрацин векалша маситтаза а хIахийра, Къилбаседа Корейца доьзна йийцаре еш ю «массо а варианташ», боху The Wall Street Journal-о.

Хьалхо CNN-о, Трампан гонна тIе а тевжаш, яздира, Штатийн керлачу президенто Къилбаседа Корея кхераме лору Цхьаьнатоьхначу Штаташна, аьлла.

Малхбузено а, Японино а бехкбуьллу Пхеньянна иза зарратан герз кхуллуш хьийзарна.