Кадыровца хелхаяьлла Песков Дмитрийн зуда

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзанца Соьлж-ГIалахь ша хелхайолуш видео хIоттийна инстаграме Путинан пресс-секретаран Песков Дмитрийн зудчо Навка Татьянас, евзаш йолчу Оьрсийчоьнан хелханчас-фигуристо.

«Нохчийн хелхар — къоман синбахамаллин васт ду. Ловзарга веанарг хелхавала хууш хила веза, ца хаахь, оьзда вац, олуш хилла» яздо Навкас.

Кадыров Рамзанан йоIа Iайшата хIоттийначу зударийн духаран гайтаме баьхкинчаралахь яра Навка Татьяна.