Соьлж-ГIалахь мохкбегийна

Нохчийчуьрчу орцан министарллан куьйгалхочо хаамбарехь, Соьлж-ГIалахь оршотан Iуьйранна сатосучу хенахь мохкбегийна. Цуьнан ондалла 4,3 терахьашкахь хилла. Адамашлахь хилла зен а дац, эгна гIишлош а яц.