Бексултанов Муса. Аьхкенан догIа

Бексултанов Муса.

Аьхкенан догIа

ДогIан кIуьрлахь тIадмаш детташ – байчу, кIайчу догIан кIуьрлахь, – дитташ иэтIаш, патарш лелхаш, коран бIаьргах тIадам хьаьдча, тIадамна тIе тIадам кхеташ, тIадам бужуш, кхин тIехьодуш, догIан кIуьрлахь кIайн Iаь яьлча, малх а кхетча, голтIе баьлча, шен тIам бакъо цаьпцалг санна, бесни къагош, куьзга хьаьжча, – аьнгалин бIаьрг – коран куьзга, – беран бесних тера хета-кх, цкъа дилхинчу – нанас хьостуш, – ши томмагIа тIаьхьа дуьсуш, деладелла нене хьоьжуш: малх а хьоьжу, куьзга доьлу, цаьпцалг тIома яьлла йоьду.