ГIалгIайчоьнан министр кхин а лаьцна латто сацамбина кхело

ГIалгIайчоьнан гIишлошъяран министр кхин а баттана лаьцна латто магийна

Буружев Мустафана цIера аравала дина дехкар баттана дIадахдина Пятигорскерчу кхело, хаамбо Интерфаксо.

Иза а, гIишлошъяран компанин куьйгалхо Алиев Ахьмад а бехкево 54 милион соьмана къоладарна.

Джейрахехь школа ярх хIиттийначу кехаташкахула дина зен, йина ялаза йолу гIишло йинчуха акташ яздина оцушимма, чIагIдо талламчаша.